МБОУ "СОШ №1 с. Закан-Юрт им. Д.И. Акаева"
@id2002003233_gos
Видео Бекалахь, Нохчийн мотт! Бекалахь нохчийн мотт, Сан къоман аз хилий. Сингаттам беъначохь, Пондаран мерз хилий. Сатесча Даймахке, Шовданан ч1уг хилий. Самукъа даьллачохь, Мехкарийн йиш хилий! Ламанийн локхаллехь Аренийн сеналлехь. Нохчийн мотт бекалахь, Зарзаран мукъамехь! Бусулба дин долчохь, Ийманан нур хилий. Барт боьхна доьзалехь, Машаран т1ай хилий. Накъостал эшначохь, Къонахчун дош хилий. Тешнабехк биначохь, Болатан суй хилий! Ненан къинхетамехь, Дас лучу хьехамехь, Бекалахь Нохчийн мотт, Даимна бекалахь! Зара Болтукаева #нохчийнмотт #сош1сзакан_юрт #нохчийнматтахь
Если у вас установлено приложение,
вы можете сразу перейти в канал