ГБОУ "Центр образования "Ачхой-Мартан" им. С-А. Н. Шамаева"
Оханан беттан 24-чу дийнахь, Шамаев Солт-Ахьмадан ц1арах йолчу Дешаран Центрехь д1адаьхьира нохчийн
меттан Де даздаран лерина цхьаьнакхетар.
Ишколан уьйт1ахь дешархоша а, Бериева Арбети куьйгалхоца «Нийсархой» ц1е йолу ансамбль а декъа йохуш концерт х1оттийра, нохчийн кхачанах дуьззина шаннаш а, ткъа иштта халкъан музейн гайтам а бара четаршна к1елахь.
Цхьаьнакхетар чекхделира лаккхарчу корматаллин т1ег1ан т1ехь. Оцу кепара долчу цхьаьнакхетарша боккха т1е1аткъам бо ненан маттаца т1екхуьучу чкъурана уьйра-марзо ч1аг1йарна! Если у вас установлено приложение,
вы можете сразу перейти в канал