МБОУ "СОШ №2 с.п. Горагорское"
Ненан мотт - къоман, цуьнан культурин, историн бух бу. Вайн мотт 1алашбарна боккха тидам т1ебохуьйтура Нохчийн Республикин хьалхарчу президента, Россин Турпалхочо Кадыров Ахьмад-Хьаьжас. Махкахь чолхе зама йолчу хенахь цо уггаре а хьалха ардаьккхинчех дара нохчийн мотт пачхьалкхан мотт хилар кхайкхош долу указ, вайн махкахь нохчийн маттахь журналаш, газеташ арадийлита, теле-, радиопередачаш хилийта дукха къахьийгира цо.