МБОУ "СОШ 3 г. Урус-Мартан "
@id2010004801_gos
Фото Тахана, кхоллараллин беттан 19-чу дийнахь ,вайн ишколехь 4-чу классера дешархоша йаздина региональны диктант. Нохчийн меттан регионан диктантан 4-чу классашна коьрта Ӏалашо хӀокху декъех лаьтта: Дешархойн хаарш таллар: Бераша 4-чу классе кхаччалц нохчийн меттан орфографин а, пунктуацин а бакъонех лаьцна ийцина хаарш муха леладо хьажар. ГӀалаташца болх: Диктантан жамӀашца дешархойн йозанца долчу гӀалатийн анализ яр а, уьш нисдаран некъаш билгалдахар а. Мотт шарбар: Берийн йозуш долу къамел кхиор а, церан тидам бар а, ладогӀар а шардар. Ненан матте безам кхиор: Ненан меттан сий дан Ӏамор а, цуьнан хазаллан а, кхоллараллин а тидам тӀебахийтар. Патриотически кхиор: Къоман мотт — иза халкъан орам хилар дешархошна довзийтар а, иза ларбан безаш хилар чӀагӀдар а.
Если у вас установлено приложение,
вы можете сразу перейти в канал